Zephaniah 2:8-11
8 aВезачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Ӏамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугӀорта гӀерташ цара дозалла дар а. 9 bДийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гӀала санна, хир бу, ткъа Ӏамминхой, Ӏамор-гӀала санна, хир бу. Церан латта шена тӀехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хӀонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду». 10Иза царна хир ду церан куралла бахьана долуш – массо а ницкъийн Везачу Элан халкъ царна дола хетарна а, оцу халкъах уьш кхардарна а. 11Везачу Эло уьш ларамах бузуьйтур бу, лаьтта тӀехь мел болу деланаш Ша хӀаллакбечу хенахь. ХӀораммо а шен-шен меттехь Цунна Ӏибадат дийр ду, ур-атталла хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнаша а.
Copyright information for
CheCAC2012